ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туск: СССР йохар яцара вуно йоккха геополитикан катастрофа 


Гуьржийчоь -- Европан кхеташонан гIантда Туск Дональд, Батуми, 11Товб.2019
Гуьржийчоь -- Европан кхеташонан гIантда Туск Дональд, Батуми, 11Товб.2019

Европан кхеташонан гIантдас Туск Дональда дIахьедина, Советан пачхьалкх (СССР) йохар цигахь деха халкъаш декъалдар дара аьлла. И шен дIахьедар дина цо Гуьржийчохь визит дIахьош.

"Советан Союз йохар вуно йоккха геополитикан катастрофа яцара. Тахана Гуьржийчохь волуш суна лаьа иза чоггIа а, кхеттош а дIаала: CCCР йохар уьш декъалбар дара гуьржашна а, полякашна а, украинцашна а, ерриг а Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европана а. Оьрсашна а цхьаьна", - яздина политико шен твиттерехь.

Советан пачхьалкх йохар вуно йоккха геополитикан катастрофа яра аьллера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира 2005-чу шарахь Федералан кхеташоне ша хьажийна къамел довзуьйтуш.

Туск Дональд Гуьржийчу вахана "Малбалера накъосталла" цIе йолу Евробертан проект кхоьллина 10 шо кхачарна хьажийначу конференцехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG