ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10 шо кхаьчна Эстемирова Наташа йийна, амма зуламхой каронза бу


Эстемирова Наталья
Эстемирова Наталья

10 шо даьлла бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йийна. "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо йийра муьлш бу ца хуучу наха Соьлж-ГIалахь дийнан делккъехь лаьцна дIайигинчул тIаьхьа 2009-чу шарахь Мангалан-беттан 15-чу дийнахь.

Эстемироваца даима а Iиттабелла бара Нохчийчуьра Iедалан буьйранчаш а, эскарийн куьйгалхой а, цо цаьргара дуьйлу гIалаташ а, зуламаш а кест-кеста Iорадохуш хиларна. Массех верси яра иза еран, амма цкъачунна теллина даьлла дац дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG