ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н подполковник лаьцна Краснодаран махкахь


Краснодаран махкахь лаьцна, университетан куьйгалхочуьнга нуьцкъала ша балха дIаязвайтина Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) подполконик. Харц кехатца хьехархочун алапа эцна оцу стага 8 шарахь.

Цунах лаьцна еарин дийнахь хаам бина "Коммерсанто", Адыгейн пачхьалкхан университетехь кхаьънаш эцар талларца доьзначу гIуллакхна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, ФСБ-н белхахо хиллачу Николинко Константина 2011-чу шарахь университетан Белореченскерчу филиалан директоре Вицюк Ларисе ша балха дIаязвайтина хилла, шен даржах пайда а эцна. Директоро контракт йина хилла подполковникца 2018-чу шаре кхаччалц.

Николинко лаьцна ву. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь дуьйна иза латтош ву талламан изоляторехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG