ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедало лохуш хилла стаг лаьцна полицино Соьлж-ГIалахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Низамаш лардон органаша лоьхуш хилла стаг лаьцна Соьлж-ГIалахь Октябран-кIоштахь Оьрсийчуьра регионашкара республике ханна бахкийтинчу полицин белхахоша. Шаьш лаьттачу постехь цара таллам бан сацийна хилла жима машен.

Цу чуьрчу нехан кехаташ теллича гучудаьлла царах цхьаъ, 51 шо долу меттигера вахархо, Iедалша лехамашка велла хилар, цо вуно дIаьвше хIуманаш йоьхкина хиларна шеко йолуш. Дийцарехь, и зулам дина хилла Соьлж-ГIалахь дIабаханчу баттахь.

Ханна лаьцна и стаг кхин дIа таллам байта дIавигина Октябран кIоштан полицин декъе, хаам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказехула йолчу урхаллан зорбан сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG