ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан министрийн кабинет дагахь ю санкцийн сурсатех пайда эца


Путин Владимир а, нехча а, Коллаж
Путин Владимир а, нехча а, Коллаж

Оьрсийчоьнан министрийн кабинетехь хьахийна, санкцешна кIеллахь ду аьлла схьадаьхна сурсаташ, хIаллак а ца деш, царах пайда эца безара аьлла, нагахь уьш кхача бан мегар долуш делахь. Сурсаташ хIаллакдар "нийса дац" аьлла вице-премьеро Гордеев Алексейс, хаам бо ТАСС агенталло.

Дукха хан йоццуш Роспотребнадзор урхалло дIахьедар динера, низамца дехка деза аьлла, кхачанах санна пайда эца мегар долу сурсаташ хIаллакдар. Цунна гIортор йина Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно. Цуьнан декъашхошна хетарехь, хан чекхйолуш долу сурсаташ дIадала деза оьшучу нахана гуманитаран гIо дан.

2014-чу шеран аьхка Оьрсийчоьно сурсатийн эмбарго кхайкхийра, ГIирма дIалаьцна, Украинерчу сепарастисташна гIо дарна Москохна дуьхьал санкцеш кхайкхийначу пачхьалкхашкарчу цхьадолчу сурсташна. Цу хенахь дуьйна Оьрсийчуьрчу Iедалша гуш-хезаш хIаллак бо тIехьожучу органашна туьканашкахь карош болу санцийн кхача а, ткха иштта сурсаташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG