ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу эзар вахархочун дихкина Оьрсийчуьра аравалар


Тоьках тIехьарчийна декхар хиларна цхьа эзар сов вахархо висина Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчо, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Иза ву республикера электроэнергин комплекс кхиорехула йолчу штабан куьйгалхо.

Болчу хаамца, кхелан пурстоьпаша «Чеченэнерго» компанина догIу декхар схьадоккхуш бахам лаьцна 160 доьзалан. Итта дихкина декхар схьадаллалц махкал аравалар 1000 сов вахархочунна.

Оьрсийчоьнан Федерацин низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхарехь волчу стагана доьхкуш ду Оьрсийчуьра аравалар.

Нагахь алименташ дIа ца елла, я цхьаьннан могашаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар. Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG