Нохчийчоьнан прокуратуро тидаме эцна Гуьмсан кIоштарчу Ишхойн-Юьртара дуккха а дIовш даьлла бахархой дарбанан хIусамашка кхачийна боху хаам. Цу хьокъехь омра дина республикан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис, хаам бо цуьнан зорбан сервисо.
Болчу хаамца, цу талламана юкъаозийна Хьаштахойн бакъонаш ларъярехула йолчу Федералан сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан белхахой.
Ишхойн-Юьртара 13 вахархо охьавиллина Гуьмсерчу кIоштан дарбанан цIийне дIовш даьлла хиларан билгалонаш хиларна аьлла, хаам бинера Товбецан-беттан 10-хь "Кавказский узел" зорбанан гIирсо. Цо яздарехь, кхин а алсам дIовш даьллачу цу эвларчу нахана гIо дина хилла меттигерчу лоьро.
Дийцарехь, Ишхойн-Юьртарчу бахархошна дIовш даьлла молу хи боьха хиларна.