ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIоле хуьлуш ю Iайшина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу 7 шо долчу йоьIан хьал гIоле хуьлучу новкъа даьлла, тоделла хIума кхаллар, амма кхин хийцам боцуш дуьсуш ду цуьнан куьйгаш. Цунах лаьцна пIераскана буса хаам бина ГIалгIайчоьнан могашаллан министралло шен Инстаграмерчу агIонехь, республикан берийн дарбан цIийнан клиникин коьрта лор Балаев Мохьмад-Башир Москох клиникехь йоI йолучехь хиллачул тIаьхьа.

Интерфаксо бинчу хаамца, хьал дикачу агIор дирзинехь а йоIан куьйгашкахула цIий леларца боьзна хийцамаш бац цкъачунна.

Товбецан-беттан 4-чохь Москох дарбанан цIийне ГIалгIайчуьра дIакхачийра дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолу 7 шо долу йоI. Цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх долийна Талламан комитето. Лаьцна ю йоIан дейиша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG