ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бон вояж. Муха тIеуьйзу Нохчийчоьно францхой


Кху деношкахь Парижерчу оьрсийн визанаш лучу центрехь болхбан йолаелла Visit Chechnya олу туристийн информацин центр. Туризман министр Байтазиев Муслим веанера иза схьайоьллучу бараме. Цо бахарехь, Петербургехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь хиллачу бертан гурашкахь ду центр схьаеллар.

"Уггар а маьрша меттиг"

Туристийн центрехь оьрсийн виза яккха луучу Францин бахархошна дуьйцур ду, мел "хазъелла" Кадыров Рамзан куьйгалле веачхьана Нохчийчоь. Оцу Iалашонца францхойн матте яьхна республикех реклама ен буклеташ. Кеп-кепарчу хеттаршна, ишта духарх а, маларх а лаьцна а жоьпаш ду цу буклеташ тIехь.

Цхьана шерачохь миллион гергга турист тIелаца таро ю Нохчийчоьнан аьлла, дIахьедина Байтазиевс.

"Кхечу пачхьалкхашкахь а цхьана ю тхан информацин центраш схьайиллина. Масала, Лейпцигехь схьайиллинчул тIаьхьа, дукха туристаш оьху Нохчийчу Германера. Статистикана кхи дIоггара тIаьхьакхуьуш вац со, делахь а сайгара ала йиш ю сан, 60-70 процент лакхадаьлла чуоьхучу туристийн терахь", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Соьлжа-ГIаларчу Visit Chechnya центран офисан куьйгалхочо Алироев Лом-Iелас.

Цо бахарехь, тIейогIучу хенахь Францера оьхучу хьешех а республика юзур ю аьлла, тешна бу уьш.

"Тхан регионех харц информаци яржоро тIеIаткъамбо бахка луучу туристашна. Нохчийчохь хIинца боьдуш тIом бу моьтту нахана", - боху цо. Алироевс хьахадо, Соьлжа-ГIала "Оьрсийчохь уггар а маьрша регион ю" аьлла, билгалъяьккхина хилар.

Карладоккху, 2017-чу шарахь республикерчу инарла прокуратуран статистикаца, йоллу Оьрсийчоь зийча зуламаш дар уггар а лахара хилла республикехь.

Хьахо догIу, Нохчийчохь тIаьххьара ши кIира хьалха хиллачу шина "инцидентех". Цигахь вийра полисхо. Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, тIевеанчу ТIехьа-Мартанарчу вахархочо некъан инспекторна урс а тоьхна, граната кхоьсина хиллера. ТIелеттарг вийра оцу меттигехь.

"Туристех хьакхалуш цхьа а инцидент хилла яц. Боккхачу ларамца лелабо оха туристаш. Туроператор цхьана а воцуш, и турист ша схьавагIахь а, лаьмнашкахула маьршша лела йиш ю-кх цуьнан. Туризмна цхьа а дуьхьало яц тхан", - тешо гIерта Алироев.

"ДIакхуьйкху, амма воьдуш стаг а вац"

Йоккха агитаци йолийнехь а, францхой сиха бац Нохчийчу баха.

"Бакъдерг аьлча, Нохчийчу тураш башха хоьттуш а яц. КIезиг бу цига баха луурш. Башха гоьяьлла яц и регион", - аьлла, дуьйцу "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь Францера Оьрсийчу тураш вовшахтухучу Tsar Voyages организацин куьйгалхочо Клабанова Стеллас.

Нохчийчу турех изза хьажам бу VisitRussia туризман агенталлан а. Цкъачунна Нохчийчу ваха лаам болуш, цхьа а веана вац шайна тIе аьлла агенталлан векало.

"Тхайн сайте а цо доккху оха Нохчийчу тураш ю олий. Европера а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара бахархой зIене бовлу тхоьца, уьш а Москва, йа Петербурге баха интерес йолуш хуьлу", - боху цо.

Амма хIетте а нохчийн информацин центраш яржо дагахь бу Iедалхой Берлинехь а, Бернехь а, Станбулехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG