ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин жигархо Саутиева лаьцна ГIалгIайчохь - Медиазона


 Саутиева Зарифа
Саутиева Зарифа

ГIалгIайчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна меттигерчу оппозицин жигархо Саутиева Зарифа. Цунах лаьцна хаам бина "Медиазоно", адвокатана Цуро Биланна тIе а тевжаш.

Цурос дийцарехь, Саутиевана бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар. Цо билгалдаккхарехь, оппозицин жигархо дIайигина Нальчике.

Кхушеран Зазадоккху-бутт чекхболуш Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна реза боцчу нехан Магасехь митинг хилира, Iедалша бакъо а елла. ШолгIачу Iуьйранна иза тасадаларшка йирзира. Митинге арабевллачу наха дуьхьало йира Росгвардин эскархошна а, меттигерчу полицин белхахошна а.

Цу хьокъехь долийначу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву маситта стаг. Уьш латтош бу талламан изоляторехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG