ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"112 Украина" телеканалан гIишлонна гранатомет тоьхна Киевехь


"112 Украина" телеканалан гIишлонна гранатомет тоьхна Киевехь
"112 Украина" телеканалан гIишлонна гранатомет тоьхна Киевехь

Киевехь Товбецан-беттан 13-чу буса гранатомет тоьхна муьлш бу ца хуучу наха "112 Украина" телеканалан редакцин гIишлонна. Полицин зорбан сервисо бинчу хаамца, вийна а, лазийна а стаг вац.

Граната кхетта телеканалан "112 Украина" логотипана. Инцидент хиллачу меттехь карийна кхоьссинчу гранатометан турба (тубус). И тIелатар дар толлуш ду терроран акт яр санна.

Низамаш лардон органашка бинчу кхайкхамехь, цIе ца йоккху радикалаш бу шайга редакцин политика хийцийта гIерташ, бохуш чIагIдо "112 Украина" телеканалан жуналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG