ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5 миллиард доллар гIуда тоьхна Facebook-на


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан махбарехула комиссино гIуда тухур ду Facebook-на 5 миллиард доллар барамехь, Cambridge Analytica компанино пайда эцначу клиентиех лаьцна хаамаш лар ца барна. Технологин компанешна тоьхначех уггар доккха гIуда у иза. Амма говзанчаш чIагIдо, таIзар кхин а луьра хила мегаш дара бохуш.

Клиентех лаьцна хаамаш ларбан социалан машано цхьамоггIа гIулчаш йохург хиларх лаьцна Комиссино Facebook-ца барт барх лаьцна яздо зорбанан гIирсаша, The Wall Street Journal-на а, Bloomberg агенталлана а тIе а тевжаш. ХIинца иза тIечIагiбан безаш ю Iамеркан юстицин министралла.

Iамеран махкабаран комиссино тоьхна гIуда 5 миллиард бен дац аьлла хаам кхаьчначул тIаьхьа Facebook-н акцеш язйелла. Стохка цу социалан машанна хилла цIена пайда бара 22 миллиард доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG