ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре яхийта бертаза Нохчийчу цIайигина йоI


Москох, "Внуково" аэропорт
Москох, "Внуково" аэропорт

20 шо долу йоI Москох гIалара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, яздо «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш.

"Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера, ткъа иштта дихкинера араяла а, деша яха а", - дийцина жигархочо. ЙоIан цIе йоккхуш яц.

Шен халонех лаьцна цу йоIа яздина хилла "Правовая инициатива" бакъонашларъярхойн юкъаралле. Цо дийцинера, нагахь кху аьхка ша дIайодахь, билггал юха йогIур яц ша аьлла.

Жигархочо Серенкос чIагIдарехь, цу йоIа 5 де даьккхинера Москохарчу "Китежа" кризисан центрехь, амма цул тIаьхьа? ахча а, шен кехаташ а дитина, цигара дIаяхана иза.

Кху беттан 12-чохь шен доттагIчуьнга телефон а тоьхна цу йоIа хаам бина, ша бертаза Нохчийчу дIаюьгуш ю аьлла. "Китежан" белхахоша дийцарехь, «Внуково» аэропортехь церан аьтто ца баьлла цIаюьгучу йоIаца къамел дан. Иза а, цуьнан доьзал а кемантIе хууш гина царна, - яздо "Медиазоно".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG