ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцна "Фортанга" телеграм-каналан администратор


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь лаьцна "ФортангаORG" телеграм-каналан администратор хилла Майсигов Рашид. Цуьнан нанас дийцарехь, де хьалха цаьрга баьхкина хилла коьртах туьтмIаьжигаш йоьхкина нах. Царах цхьаннехь цIеххьна карахь гучубаьлла кIайн хIур чохь болу жима телатан тоьрмиг.

Майсиговн адвокато дIахьедина, хIусамах хьаьжнарш ФСБ-н ГIагIайчуьрчу урхаллан белхахой бу аьлла. Майсигов чувоьллина Несарарчу талламан изоляторна. Иза бехке веш ву боккхачу барамехь наркотикаш лелорна.

Майсиговс дийцина адвокате дIалаьцначул тIаьхьа шена ницкъ бина хиларх лаьцна. Бехк цо шена тIе ца лаьцна.

"Медиазоно" хаам барехь, цаьрга телефон тоьхна цхьана стага, ша Майсиговн деваша ву аьлла. Цо чIагIдарехь, Майсигов цхьа а юкъаметтиг йолуш вацара "ФортангеORG" телеграм-каналана. Цу стага иштта дехар дина "Медиахонан" журналисташка скандал есто ма гIертахьара аьлла.

Телефон тоьхначу стага дийцина, гергарчара цхьана дийнахь Майсигов кIомал узуш лаьцнера бохуш. "Медиазона" зIене яьллачу Майсиговн адвокатана хетарехь, и телефон тоьхнарг хила мегаш ву оперативан белхахо.

"Фортанго" дийцарехь, Майсиговна хьалхо кхерамаш теснера, и бахьана долуш журналистан болх битинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG