ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нью-Йоркехь цIеххьана ток дIаялар хьакхаделлера иттаннаш эзарнаш нахах


Нью-Йорк. 13Товб.2019.
Нью-Йорк. 13Товб.2019.

Нью-Йорк гIалин юккъехь меттахIоттийна тоькаца кхачо яр, вуно шуьйра электроэнерги ялар юкъахдаьллачул тIаьхьа (блэкаут). Товбецан-беттан 13-чу сарахь (шотде) электроэнерги йоцуш дисинера Манхэттенан доккхахадолу дакъа.

ЦIеххьана ток дIаялар хьакхаделлера иттаннаш эзарнаш нахах. Юкъахаяьхнера Бродвейра спектаклш. Madison Square Garden-хь юкъахяьккхира Лопес Джениферан концерт. Шоу дIатеттина кхечу дийне. Дуккха адамаш дисинера метрон вагонашна а, лифташна а чохь. Болх беш яцара светофораш. Урамашкахь сецнера транспорт.

Нью-Йорк штатан губернаторо Эндрю Куомос бинчу хаамца, ток дIаяларан бахьана хилла цхьана подстанцехь, цIе а йолуш, эккхар хилар. Iедалша дийцарехь, иза хилла техникан кхачамбацарш бахьана долуш. Терактан верси юьйцуш яц.

Нисса 42 шо хьалха, 1977-чу шарахь Товбецан 13-чу дийнахь иштта ток дIаяьлла йисинера Манхэттен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG