ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Нохчийчохь цхьанна а тIехь латтош гIело яц


"Шайна хетарг дийцар ду" аьлла, 20 шо долу нохчийн йоI Москвара цIа а ялийна, бертаза маре йохуьйтуш ю бохург аьлла, дIахьедина мехкан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Говорит Москва" радиостанцино бина цунах хаам. "Со тешна ву и доцург ду аьлла. Нохчийчохь цхьана а кепара ницкъбар дац, маре баха ца луучу зудаберашна тIехь муххале а. Оха къастор ю и ситуаци", - аьлла министро.

Ишта Умаровс билгалдоккху, и хаам баржийна "Медиазона" "Нохчийчохь долчух мах хадо хьакъйолу ресурс а яц" аьлла.

Бакъонашларъярхоша "Медиазоне" дийцинера, Москвахь шен деца а, ненаца а ехаш йолу 20 шо долу йоI "Китеж" олучу кризисан центре еанера кху беттан 5-чохь аьлла. Ша чохь латтош а ю, бертаза маре яла хьийзош а ю аьлла, хаамбинера цо.

Цул тIаьхьа зIенера яйнера и йоI, амма кху беттан 12-чохь юха а зIене яла аьтто хиллера цуьнан. Ша Нохчийчу дIайига хьийзош ю аьллера цо.

13-чу дийнахь жигархой аэропортехь тIекхиънера цу йоIана, амма цуьнан дас, нанас бакъо ца еллера царна, шайн йоIаца къамеле бовла. Ткъа полицино дуьхьало йина ца хилла царна дIабаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG