ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаев набахтера арахецарна лехамашка велла гIиргIазойн къайлахчу сервисийн хилла хьаькам


Криминалан авторитет Батукаев Iазиз набахтера низамехь а доцуш араваккхаран гIуллакх луьстучу юкъанна лехамашка велла гIиргIазойн ТIеман Кхеташонан хилла секретарь, Пачхьалкхан кхерамзаллан комитетан (ГКНБ) куьйгалхо лаьттина Табалдиев Бусурманкул, яздо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь. ГIиргIазойчоьнан хиллачу омбудсмено Акун Турсунбека дIахьединера хьалхо оцу гIуллакхна бехке хила тарло цу заманчохь тIеман секретаран даржехь хилла Табалдиев аьлла.

Иштта цо чIагIдарехь, хIетахь жигара хьовзарна Пачхьалкхан Кхерамзаллан Кхеташонан урхалле хIоттийнера иза. Стигалкъекъа-баттахь Kaktus хьостана еллачу интервьюхь Табалдиевс шена гонах дуьйцург бакъ дац аьлла, дIакхайкхийра. Ткъа къайлахчу сервисийн урхалле ша хIотторах ишта дийцира цо: "ХIетахь ГКНБ-н куьйгалхо хилла инарла Жунусов Бейшенбай дарбан цIийне виллинера даге лазар деана. Дарба дар дахлуш дара, оцу бахьанашца сацамбинера, ша урхалле хIотто" аьлла.

Криминалан авторитеташлахь уггар а чIогIа дош лелачу Батукаев Iазизна 2006-чу шарахь набахтехь даккха 16 шо хан кхайкхийра, колонехь тутмакхашлахь бунт гIатторна, амма 2013-чу шарахь маьршаваьккхира иза, официалан дIахьедарца, цIе ца йоккху лазар хьакхаделла цунах аьлла. Нохчийчу юхавирзинера иза маьршаваьллачул тIаьхьа.

ТIаьхьо гучудаьлла, документаш бух боцуш хиллийла а, Батукаев цомгуш воцийла а. Оцу бахьанашца ГIиргIазойчохь масийтта хьаькам балхара вохийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG