ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Фортанга" хьост дIакъевлина "Роскомнадзоро"


ГIалгIайн оппозицин хьост "Фортанга" Оьрсийчохь йихкинчу сайтийн реестре яьккхина "Роскомнадзоро" аьлла, яздо урхалло шен сайтехь. Шайн телеграм-каналехь "Фортанган" редакцис хаамбо, шайга цунах официалехь хаийтина дац аьла. 2013-чу шарахь кхело экстремистийн леринчу жуьгташка а, оьрсашка а "цабезам гIаттор" аьллачу файлашца доьзна ду хаамийн гIирс дIакъовлар.

"Фортанган" материалехь цхьаммо дитина йоза бахьана долуш "Роскомнадзоро" доза тоьхна церан сайтана. Реестрца а догIуш, "Вставай, страна Ислам, вставай на смертный бой" аьлла йолийна, "Гнилой кремлевской нечисти загоним пулю в лоб, русизму с демократией" аьлла, ерзийна хилла комментарий. "Фортангас" кехат дахьийтина а хилла "Роскомнадзоре", шаьш и йозанаш дIадайина аьлла.

Нохчийчоьнца дозанаш билгалдаьхначул тIаьхьа республикехь йолийначу протестех а, акцин лидерш лецарх а, царна дуьхьал гIуллакхаш дахарх а шаьш хаамаш Iорабахарна дIакъевлина шаьш аьлла, дIахьедар дина журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG