ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара матчаш Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю аьлла тешна ву нохчийн спикер


УЕФА-н комиссино Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара футболан матчаш дIаяхьа пурба луш, сацам бийр бу аьлла догйовха ву Нохчийчоьнан спикер Даудов Мохьмад.

"Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш тхан махкахь тIехдика инфраструтктура а, логистика а, маршо а ю. Матче хьажа веанчу УЕФА-н кхерамзаллан директорна Павлица Желкона гира "Ахматан" а, "Краснодаран" а матч дика вовшахтоьхна, дIаяьхьна хилар. Тхо массо а догтешна ду, УЕФА-н сацамо тхуна бакъо лур ю аьлла, дуьненаюкъарчу тIегIанехь матчаш дIаяхьа кхузахь", - аьлла Даудовс.

Оьрсийчоьнан Премьер-Лиган 1-чу турехь "Ахмата" толам а боккхуш, 1:0 чоьтаца йирзина кIирандийнахь хилла футболан матч.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG