ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн талламча вийна аьлла бехкевийриг дIалур вац Гуьржийчоьно


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан талламча Шишкина Евгения юьйш дакъалаьцна ву аьлла, бехкевечу 28 шо долчу Сумбаев Ярославна экстрадици яр юкъахдаьккхина Гуьржийчоьнан Iедалхоша, яздо "Коммерсанто". Хьостано билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш талхарца доьзна ду экстрадицин процесс сацор.

Сумбаевн гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла, тешна бу гуьржийн журналисташ. Кхечу пачхьалкхашна Оьрсийчоьно кибер атакаш ярх цунна хуучух тера ду, цундела Шишкина ерна иза бехкеван гIерта.

Оьрсийн ницкъаллийн структураша хьалхо дехар динера Тбилисига, талламча ер ца хьахоша, поездан билеташца цо харцонаш лелор таллархьама Сумбаев схьалахьара аьлла. Стигалкъекъа-баттахь Тбилиси реза хилира Сумбаевна экстрадици ян, амма цуьнан адвокаташа латкъамбира Гуьржийчоьнан Лакхарчу кхеле.

Астраханера орамаш долуш ву Сумбаев. Стохка гурахь дIалаьцнера иза Тбилисехь Интерполан дехарца. Поездан билеташ духку "Российские железные дороги" компанийн-агентийн почта яьстина хакерийн тоба вовшахтоьхна цо аьлла, бехкевеш ву иза Оьрсийчохь. Ишта федералан а, дуьненаюкъарчу а лехамашкахь вара иза, банкоматех пайда а оьцуш, банкан картанаш тIера ахчанаш лечкъадарна. Хакерийн атакаш йина ша аьлла, бехк тIелецира Сумбаевс хьалхо. Амма цо тIе ца дуьту, ша талламча верна бехкехилар.

Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш ийгIина, байначу баттахь парламентийн ассамблейн йоьдучу кхеташонехь гуьржийн парламентан спикеран гIант дIа а лаьцна, оьрсийн депутато Гаврилов Сергейс къамел динчул тIаьхьа протесташ йолийча. Кху беттан 8-чохь дуьйна Оьрсийчоьно совцийна Гуьржийчу лела шайн кеманаш.

XS
SM
MD
LG