ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урс диттина аьлла, нохчо дIалаьцна ГIирмехь полисхоша


Кху беттан 11-чу дийнахь ГIирмерчу Черноморскерчу бара хьалха Къилбаседа Кавказера вахархо лаьцна полисхоша, яздо "Комсомольская правда" газетано. Дийцарехь, Нохчийчуьйра ву иза. Полицин урхаллан пресс-гIуллакххойн информацица, къаьркъа мелла иза девне вийла гIерташ хилла баре баьхкинчаьрца. Цара бахарехь, 49 шо долчу меттигерчу вахархочуьнца дов а даьккхина, уьрсаца тIелетта иза. ВорхI уьрсан чевнашца дарбан хIусаме кхачийна лазийнарг, Iонжар дIадаьккхина цуьнан.

Ша лоцучу хенахь а зуламхочо дуьхьало йина полисхошна аьлла, яздо хаамехь. Лаьцначунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, талламаш дIахьош бу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полицин декъо.

Error rendering VK.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG