ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наталья йийначарна бекхамбар тIедожийна бакъонашларъярхоша


Оьрсийчоьнан Iедалхошка юкъахь дIахьедар дина бакъонашларъяран организацеша, Эстемирова Наталья йийна 10 шо кхаьчначу деношкахь. "Мемориал" центро бинчу хаамца, бакъонашларъярхо ер таллар тIедожадо ишта дуьненаюкъарчу цхьа могIа организацеша а цхьана.

Бакъонашларъярхойн дIахьедарехь тIедиллина Оьрсийчоьнна "лерина, озабезамаш а боцуш, бозуш боцчу талламхошка Эстемирова Натальин гIуллакх листийтар, бехкенаш жоьпалле озабар, ишта кхиболчу бакъонашларъярхошна а, журналисташна а Нохчийчохь дина тIелатарш а бакъонца таллар".

"Мемориал" тешна ю, нохчийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья ер цо бинчу балхаца доьзна дара аьлла. 1990-чу шерашкахь дуьйна йолаеллера иза адамийн бакъонаш Iалашъян, "Мемориалца" юкъарло а лелош.

"Цо майраллица дуьйцура, цкъа оьсрийн эскархоша а, полицино а, цул тIаьхьа нохчийн ницкъаллийн структураша лелочу инзаречу зуламех", - яздо цуьнан белхан накъосташа.

2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь лачкъийна йигира Эстемирова Наталья ша ехача цIенна гергахь лаьцна. Цуьнан белхан накъосташна хетарехь, полисхоша дина зулам дара иза. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Герзаш диттина йийна хиллера иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна кхерамаш туьйсуш хиларх масийттазза хаамбира "Мемориалан" векалша.

Талламчийн официалан версица, "тIемалоша бекхам бина" Эстемирована, цо зорбане йоху материалаш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG