Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис бакъ ца дина Москвара цIа а ялийна, бертаза йоI маре луш ю аьлла, хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци. Эшахь оцу ситуаци юкъагIуртур ву ша, амма дуьйцург цхьа бух болуш ду аьлла, шек ву ша боху цо.
20 шо долу йоI Москвара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, яздора «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш.
"Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера, ткъа иштта дихкинера араяла а, деша яха а", - дийцинера жигархочо. ЙоIан цIе йоккхуш яц.
Шен халонех лаьцна цу йоIа яздина хилла "Правовая инициатива" бакъонашларъярхойн юкъаралле. Цо дийцинера, нагахь кху аьхка ша дIайодахь, билггал юха йогIур яц ша аьлла.
Жигархочо Серенкос чIагIдарехь, цу йоIа 5 де даьккхинера Москохарчу "Китеж" кризисан центрехь, амма цул тIаьхьа ахча а, шен кехаташ а дитина, цигара дIаяхана иза.
Кху беттан 12-чохь шен доттагIчуьнга телефон а тоьхна, цу йоIа хаам бина хилла, ша бертаза Нохчийчу дIаюьгуш ю аьлла. "Китежан" белхахоша дийцарехь, «Внуково» аэропортехь церан аьтто ца баьлла цIаюьгучу йоIаца къамел дан. Иза шен деца а, ненаца а кемантIе хууш гина царна, - яздора "Медиазоно".
"Соьга хаьттича, дуьйцург шеконе хIума ду, цу кепара шен йоIана ницкъбеш волу да нохчийн юкъараллехь емалвийр вара, иштаниг доьзалехь кхи ца хилийттал", - аьллачу бакъонашларъярхочун дешнаш далийна цуьнан пресс-гIуллакххоша.
Инцидентах зорбанашкара хиъна Нухажиевна. "Нохчийчохь цу кепара хIума хиллехь а, цунах тхоьга хаийтина дац. Терго латтош ву со цу информацина тIехь, ца хуьлчу далахь юкъагIуртур ву", - аьлла, тIетоьхна омбудсмено.
"Шайна хетарг дийцар ду" аьллера, 20 шо долу нохчийн йоI Москвара цIа а ялийна, бертаза маре йохуьйтуш ю бохуш, хаамийн гIирсашкахь дуьйцург мехкан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Говорит Москва" радиостанцино бина цунах хаам. "Со тешна ву и доцург ду аьлла. Нохчийчохь цхьана а кепара ницкъбар дац, маре баха ца луучу зудаберашна тIехь муххале а. Оха къастор ю и ситуаци", - аьллера министро.
Ишта Умаровс дIахьедира, и хаам баржийна "Медиазона" хьост "Нохчийчохь долчух мах хадо хьакъйолу ресурс а яц" аьлла.