ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу "Мемориалехь" болхбан волавелла Титиев Аюб


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб
Бакъонашларъярхо Титиев Аюб

Соьлжа-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран хиллачу куьйгалхочо Титиев Аюба хаамбина, ша Москварчу организацехь болхбан дехьаваьлла аьлла. "Москвахь болх бийр бу ас, бертан кехатна а куьгъяздина хIинцале а", - аьлла Титиевс "Интерфаксе" оршотдийнахь. "Мемориалехь" агенталле дийцарца, аналитикан даржехь чIагIвина Титиев.

Нохчийчохь бакъонашларъяран болх кхи дIа а беш бу, хьалха а санна адвокаташ тIе а ийзош, нехан бакъонаш Iалашъеш ю, амма "Мемориал" офисан тоххара сан болхбан аьттонаш бац, бакъонашларъярхочо дийцарехь.

Титиевс бахарехь, "бакъонашларъярхошна Iедал тIаьхьара даьллачул тIаьхьа бен таро хир яц цигахь болхбан".

Шеларчу кхело набахтехь даккха 4 шо хан туьйхира Титиев Аюбна Зазадоккху-беттан 18-чохь, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкала а воьллина. Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а, гергарчара а дIахьедора, цунна дуьхьалдаьккхина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла.

Стигалкъекъа-баттахь бакъонашларъярхочо кхеле дехар динера, хенал а хьалха ша араваккхар доьхуш. Байначу беттан 10-чу дийнахь суьдхоша сацамбира, Титиев маьршавоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG