ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь ницкъбо шайна аьлла, Страсбурган кхеле яьлла 100 зуда


ХIусамехь ницкъбо шайна аьлла, 100 гергга зудчо арздина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ). "Интерфакс" агенталло бина и хаам, Страсбурган кхелехь Оьрсийчоьнан векал волчу суьдхочо Дедов Дмитрийс еллачу информацица. Оьрсийчоьнан юстицин министраллехь хьалхо дIахьедира, 2010-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц ЕСПЧ-е цу тайпа латкъам 6-ммо бен бина бац аьлла. И дIахьедар дира министралло, Оьрсийчоьнан яхархочунна Володина Валерияна 25 эзар евро дIадалар Европан кхело тIедожийча. Цо латкъамбинера кхеле, шен хиллачу цIийндас ша хьийзош хиларх а, полицино гIуллакх тесна дитарх а.

Росстатан зерашца, 2016-чу шарахь ницкъбина 16 миллион зудчунна, царлахь 40 процент ю шен доьзалехь Iазап лайнарг.

Оьрсийчохь лелаш низам ду 2017-чу шарера схьа дуьйна, доьзалхоша вовшашна тIе куьг даьхьна, чевнаш йина меттиг хилахь а, и бехктакхаме ца лоруш. ГIуда текхчхьана хьалхаволуьйту бехкениг.

Бакъонашларъярхоша тергоярца, и низам тIеэцначул а тIаьхьа алсамдевлла доьзалехь латарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG