ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яржийначу аудио тIера аз лачкъа еанчу йоьIан дац боху бакъонашларъярхоша


"Китеж" кризисан центрехь шен дех а, ненах лечкъина Iийначу 20 шо долчу нохчийн йоьIан аудио ю аьлла, зорбане яьккхина шен телеграм-каналехь Mash интернет-хьостано. Дахначу шоьтадийнахь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза маре яхийта. Керлачу аудио тIехь йоIа шена сагатдан ца оьшу, дерриг а дика ду боху.

"Маршалла, со ю иза. Соьгахь телефон яц. Со бертаза цхьаммо а цхьанхьа а ца йигина. ХIора аьхка Нохчийчу денана йолчу доьлху тхо. Лаамза маре дIаяларх аьлла дош а дац, стенна дарстийна аш? Дерриг а окей ду!", - боху хаамехь. Хьенан цIарах яхьийтина аудио – кхеташ дац.

"Правовая инициатива" бакъонашларъяран организацига хьалхо дехар динера цу йоIа, шена тIехIоттар доьхуш. Iораяьллачу аудиох "Кавказ.Реалиига" дуьйцучу организацин пресс-секретаро Бабич Ксенияс аьлла, и аз хьеннан а хила йиш ю аьлла.

"Оцу йоIа шегахь телефон яц аларо а гойтуш ду, цуьнан проблемаш хилар. ЙоьIан гергарнаш уллохь боцуш нохчийн хьаькамаша бакъо ца елла адвокатна а, психологна а цуьнца цхьанакхета. Цо лачкъа еанчохь дитинчу документаша а, хьалхо зорбане баьккхинчу латкъамо а дуьйцу, иза амал доцуш йисинийла", - аьлла Бабича.

Цо дийцарехь, организацин Нохчийчуьра белхахой гIоьртинера йоIаца къамелдан, амма меттигерчу хьакамаша пурба ца делла. "Правовая инициативан" пресс-секретаро ишта дийцаредина, бертаза маре яхийта цIа юьгучу йоIа аьлларг: "Со маре яхийта стаг а хIинцале а билгалваьккхина цара. ЧIогIа динехь волуш кIант ву боху, церан цIийнах мел верг а Мисарахь Iаьржа духарш доьхна лелаш ву. Мангал-беттан чакхенехь Нохчийчу дIаюьгуш ю со, университетера сан кехаташ а схьаоьцуш ду, кхи цкъа а со кхуза юхайогIур яц. Хетарехь, маре йохуьуйту бохург харц хила тарло, со ен юьгуш санна хета суна. Иштта ду-кх хьал".

"Китеж" центран векалша а тIе ца чIагIдо, оцу аудио тIехь ерг шайга лачкъаеанарг ю аьлла.

20 шо долу йоI Москвара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, яздора «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш.

"Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера, ткъа иштта дихкинера араяла а, деша яха а", - дийцинера жигархочо. ЙоIан цIе йоккхуш яц.

Шен халонех лаьцна цу йоIа яздина хилла "Правовая инициатива" бакъонашларъярхойн юкъаралле. Цо дийцинера, нагахь кху аьхка ша дIайодахь, билггал юха йогIур яц ша аьлла.

Жигархочо Серенкос чIагIдарехь, цу йоIа 5 де даьккхинера Москохарчу "Китеж" кризисан центрехь, амма цул тIаьхьа ахча а, шен кехаташ а дитина, цигара дIаяхана иза.

Кху беттан 12-чохь шен доттагIчуьнга телефон а тоьхна, цу йоIа хаам бина хилла, ша бертаза Нохчийчу дIаюьгуш ю аьлла. "Китежан" белхахоша дийцарехь, «Внуково» аэропортехь церан аьтто ца баьлла цIаюьгучу йоIаца къамел дан. Иза шен деца а, ненаца а кемантIе хууш гина царна, - яздора "Медиазоно".

"Соьга хаьттича, дуьйцург шеконе хIума ду, цу кепара шен йоIана ницкъбеш волу да нохчийн юкъараллехь емалвийр вара, иштаниг доьзалехь кхи ца хилийттал", - аьллачу бакъонашларъярхочун дешнаш далийна цуьнан пресс-гIуллакххоша.

Инцидентах зорбанашкара хиъна Нухажиевна. "Нохчийчохь цу кепара хIума хиллехь а, цунах тхоьга хаийтина дац. Терго латтош ву со цу информацина тIехь, ца хуьлчу далахь юкъагIуртур ву", - аьлла, тIетоьхна омбудсмено.

"Шайна хетарг дийцар ду" аьллера, 20 шо долу нохчийн йоI Москвара цIа а ялийна, бертаза маре йохуьйтуш ю бохуш, хаамийн гIирсашкахь дуьйцург мехкан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Говорит Москва" радиостанцино бина цунах хаам. "Со тешна ву и доцург ду аьлла. Нохчийчохь цхьана а кепара ницкъбар дац, маре баха ца луучу зудаберашна тIехь муххале а. Оха къастор ю и ситуаци", - аьллера министро.

Ишта Умаровс дIахьедира, и хаам баржийна "Медиазона" хьост "Нохчийчохь долчух мах хадо хьакъйолу ресурс а яц" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG