ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирех бакъонашларъярхоша бина хаам харц бу аьлла Нухажиевс


Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди
Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди

Бакъонашларъяран "Гражданское содействие" организацино Оьрсийчуьра Европе дIаоьхучу мухIажирех арахецна рапорт "харц дезинформаци" ю аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. Европехь тховкIело лоьхурш доккхачу декъанна Нохчийчуьра бахархой бу аьллачу информацех комментари еш дIахьедина цо "юха а негатив тIейоьттина Нохчийчоьнна" аьлла.

"Оьрсийчоьнан бахархоша хIунда йоьху Европехь тховкIело?" аьллачу шайн рапортехь "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас чIагIдо, хIора шарахь иттех эзар гергга Нохчийчуьрчу бахархоша мухIажиран статус йоьху Европан пачхьалкхийн Iедалхошка бохуш.

Уггар хьалха иза доьзна лору бакъонашларъярхоша, Iедалш "гейшна тIаьахьабевлла леларца а, зударийн бакъонаш ларъеш цахиларца а".

Далийна терахьаш "провокацин арифметика" а, "аьшпаш" а бу аьлла нохчийн омбудсмено.

"Бакъонаш ларъеш ду шаьш а бохуш, оцу некъашца бизнес еш бу уьш. Шайн боьхачу Iалашонашкахь юьхьарлаьцна цара Нохчийчоь", - билгалдоккху Нухажиевс. Ишта кхайкхамбина нохчийн омбудсмено Оьрсийчоьнан бахархошка кхетаме хилар а, политикана тIаьхьакхуьуш хиларе а доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG