ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш лелийна аьлла, шеконашка эцна полисхоша гIалгIайн журналист Майсигов


Журналист Майсигов Рашид шина баттана талламан изолятор чохь вуьтуш сацамбина Магасан кхело. Иза бехкево наркотикаш латтийна аьлла. Кхелахошна латкъамбан дагахь ду шаьш аьлла журналистан адвокато Аушев Мохьмада. "Кавказский узел" агенталло хааме даьккхинера дахначу пIераскандийнахь журналист Майсигов лацарх. Полисхоша кIентан нене дийцарехь, цуьнан хIусамехь кIайн хIур чохь йолу пакет а, "Гуьржийчоьнах лаьцна кехаташ" а карийна. Боккхачу барамехь наркотикаш лелийна цо аьлла, шеконашка эцна Майсигов. Журналистан адвокато Аушевс бахарехь, ша лаьцначул тIаьхьа латкъамбина цо, шена ток еттийтина аьлла.

ГIалгIайчуьрчу протестех хаамаш бечу "Фортанга" хьостаца болх беш вара Майсигов хьалхо. ТIаьххьарчу хенахь цабевзачу наха кхерамаш туьйсу шена бохуш, даредора Майсиговс. Оцу бахьанашца болх бечуьра сецнера иза бутт хьалха.

Цкъачунна Магасан кIоштан кхелахочо Хашагульговас Майсигов Рашид шина баттана чохь вуьтуш сацамбина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG