ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан а, Украинан а омбудсменаша Путине тутмакхашна гечдар доьхур ду


Оьрсийчоьнан а, Украинан а омбудсменаш Москалькова Татьяна а, Денисова Людмила а
Оьрсийчоьнан а, Украинан а омбудсменаш Москалькова Татьяна а, Денисова Людмила а

Шайн пачхьалкхийн кхечу территори тIехь набахтехь латточу бахархойн тептарш вовшашка дIасаделла шинаридийнахь хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу федералан векало Москалькова Татьянас а, Украинан омбудсмено Денисова Людмилас а.

Шайн бахархой цIаберзон Iалашонца "некъан карта" хIоттийна цушиммо, доккхачу декъанна бартбина шина а пачхьалкхан президенташка Путин Владимире а, Зеленский Владимире дехар дийр ду, лецна латточарна гечдар доьхуш аьлла.

Хаамбарца, Денисован тептарехь ву 150 стаг. Шегарчу кехат тIехь маса тутмакх ву ца хаийтина Москальковас.

Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси йинчул тIаьхьа а, Донбассехь тIеман конфликт йолийчхьана а оьрсийн а, украинхойн а Iедалхоша лецна, хенаш йиттина бIеннашкахь бахархошна. Ву царлхаь Украинера режиссер Сенцов Олег а, "ГIирман диверсанташ" лоруш берш а, Оьрсийчоьно Керчан гечонехь лецна хIордхой а, "Новости- Украина" хаамийн агенталлан коьрта редактор Вышинский Кирилл а, ишта дуккха а кхиберш а.

Оьрсийчохь хIордхошна кхелаш йинчул тIаьхьа бен дуьйцийла яц аьллера хьалхо президенто Путина, уьш шайн даймахка дIабахийтарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG