ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мексикан кхело 37, 5 шо хан тоьхна Оьрсйчоьнан вахархочунна


Макеев Алексей - хIусамна хьалха тийсадаларш хиллачул а тIаьхьа даьккхина сурт
Макеев Алексей - хIусамна хьалха тийсадаларш хиллачул а тIаьхьа даьккхина сурт

Оьрсийчоьнан вахархо Макеев Алексей стаг верна бехкехилар тIечIагIдина Мексикан кхелахоша. 37 шо а, ах шо а хан кхачийна цунна, иштта тIедожийна ша вийначун доьзална 21 эзар долларшкахь компенсаци яла а. Кинтана-Роо штатан прокуратурано шайн сайтехь бина цунах хаам, яздо "Настоящее время" хьостано.

Alextime цIе а лелош, 2013-чу шарера схьа дуьйнна интернетехь видеош зорбане йохуш хилла цо, бераш а, заьIапхой а, пенсхой а сийсазбеш. Мексике Iен-ваха дехьаваьллачул тIаьхьа а саццанза агрессиве роликаш йохуш, уьш Iорайохуш хилла Макеевс. Урамашкахь зударшна а, берашна а тIе мохь хьоькхуш хилла цо. Iаьржачу басахь болчарех "дегенераторш", "маймалш" олуш, царна кхерамаш туьйсуш лелла иза. Мексикерчу хаамийн гIирсаша "оьрсийн къоман лорд" аьлла, цIе тиллинера цунна.

2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь масех иттанашкахь Мексикан бахархой гIоьртинера Кангун гIалахь шайггара Макеевна таIзар дан. Собар кхачийначу мексикхоша йиттинера цунна иза вехачу цIийна уллохь. Оцу тасадаларшкахь меттигерчу 19 шо долчу жимчу стагна уьрсаца чевнаш йинера цо. ТIаьхьо дарбан цIийнехь кхелхинера и кIант. Оцу хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийра, ткъа корта лазийна оьрсийн вахархо дарба лелорхьама ханна тиларчуьра ваьккхинера.

Москвана гергарчу Электросталь гIалахь вина ву Макеев 1974-чу шарахь. Цхьана заманчохь Мисарахь хан яьккхина Макеевс, цо ша бахарехь, дайвинган центрехь инструкторан болх а беш. ТIаьхьа Испани кхаьчна а хилла.

Оьрсийчоьнан телеканалан репортажехь дийцира, масийттазза Макеевна дуьхьал гIуллакх доло гIоьртира, амма цуьнан метта бертаза дарбадан охьавуьллура иза, ненан дехарца. 6 баттана психневрологин цIийне хьажийначу цо цхьа бутт бен ца баьккхинера. Иза Iиллинчу клиникехь журналисташка дIахьединера, Макеев - дукха дика могуш а, лаккхара IQ йолуш а стаг ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG