ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

300 эскархо юхавирзина Нохчийчу Шемара


ТIеман полицин дакъошкара 300 эскархо Шемара Нохчийчу юхавеана аьлла, хаамбина ТАСС агенталло.

"Нохчийчуьрчу цара куп тоьхначу территори тIехь цаьрга маршалла хоттуш митинг хIоттийнера хьаькамаша", - аьлла бу хаам. ТIеман а, транспортан а Ил-76 кеманаш тIехь Шемара Къилба ХIирийчуьрчу аэродроме кхачийнера полисхой. Урхаллан а, пачхьалкхан а цIарах совгIаташ дина царна.

Йолчу информацица, Стигалкъекъа-баттахь дуьйна Шемахь яра нохчийн тIеман полици "оьрсийн эскарийн тобанийн гIишлошна ха а деш, маьршачу нехан къепе а, маршо а Iалашъеш".

XS
SM
MD
LG