ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла муфтий хаьржина ГIалгIайчохь


Муфтий лаьттина Хамхоев Iийса

15 шарахь ГIалгIайчоьнан муфтий лаьттинчу Хамхоев Iийсас шегара дарж охьадиллина. Iеламнехан кхеташоно а, имамаша а Динан урхаллехь къобалвина республикехь къеда лаьттина Мартазанов Iабдурахьман. Iеламнехан Кхеташонан декъашхоша а, имамаша а, шайлахь 47 стаг а волуш, кхаж тесна Мартазановна. Виъ декъашхо юкъархилла вац кхаж тасарехь аьлла, хаамбина шен сайтехь "ГIалгIайчоь" газетано.

Кхеташонан юьххьехь Хамхоевс тIаьххьарчу пхеа шерачохь ша бинчу балхах дийцина, цул тIаьхьа муфтийн дарже шайн-шайн кандидатураш хьалхатеттина хилла гулбеллачара. Троицкое эвлара имам Арапханов Iела а, исламан институтан хилла ректор Аушев Мохьмад-Бешир а юкъарваьлла хиллера, яздо хьостано.

Мехкан къеда хаьржина Наьсарарчу доккхачу маьждиган имам Цороев Исмаил, тIечIагIдина "Интерфакс-Юг" гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG