ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новосибирскан мэр хIотта дагахь ву нохчо


Новосибирскан мэран харжамийн кандидат Хаюрин Мухьаммад-Iела
Новосибирскан мэран харжамийн кандидат Хаюрин Мухьаммад-Iела

Нохчийчуьра схьаваьлла 25 шо долу Хаюрин Мухьаммад-Iела а хила тарло Новосибирскан мэран харжамийн кандидаташлахь аьлла, хаамбо «Ваш город» портало.

ТIехьа-Мартанахь вина ву Хаюрин. Карарчу хенахь Бумматарчу адресца дIаязвина ву иза. Новосибирскан пачхьалкхан университет чекхъяьккхина цо, тIаьххьарчу заманчохь гIишлошъяран фирман куьйгалхо ву иза.

"Партия возрождения села" цIе йолчу боламо гIолаьцна цунна Новосибирскан мэран дарж къовсуш. Порталан информацица, кандидаташлахь тIаьххьара кехаташ чуделларг ву Хаюрин.

Социалан машанашкарчу шен агIон тIехь а бина жимчу стага хаам, ша мэр ваха дагахь хиларх.

​"Мэран дарже сан документаш чуэцна харжамийн комиссино. Итт де даьлча хуур ду, шийлачу климатца а, бахархойн довхачу дегнашца а гоьяьллачу гIалин мэран харжамашка вуьту со, йа ца вуьту", - аьлла, яздина Мухьаммад-Iелас, дукха хан йоццуш ша "ВКонтакте" йиллинчу аккаунтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG