ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера едда йоI бакъонашларъярхоша Iехийна хиллера аьлла нохчийн Iедалхоша


Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь лерина репортаж гайтина нохчийн йоьIан Сугаипова Заирин кхолламех. Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Москварчу "Китеж" кризисан центрера цуьнан гергарчара Iеха а йина, Нохчийчу дIайигина иза, бертаза маре яхийта. Сюжетехь гойтуш ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаран а, "Грозный" телехьожийлан директоран Дудаев Ахьмадан а йоIаца Сугаипова Заирица а, цуьнан ненаца Маликица а хилла къамел. Репортажехь Заирас бакъдо, ша цIера ядар. Амма, телеканалан версица, бахьана нуьцкъаша маре яла гIортар дацара, оцу йоьIан кортахьовзар (вербовка) дара.

"ВКонтакте" олучу социалан машанехь Кавказерчу феминизмна леринчу тобанах иза дIакхеттачул тIаьхьа доладеллера дерриг а. Дуьххьара интерес кхетта язъеллера ша цу группе, тIаьхьа "Iехаеллера" ша бохуш, дуьйцу Заирас.

"Университетехь шен проблемаш юьйлаелча, цхьацца истореш ешна, шех цхьа а кхеташ вац, ша Iазапехь яллош ю аьлла, хеттачу цо, шен гергарнаш шех ца кхетарна кхоьруш, кху беттан 3-чохь "Китеж" кризисан центре орцадехнера", - дуьйцу корреспонденто.

Уггар цунна халонга даьлларг – дешарца хиллла проблемаш.

"Сайна цIахь дов дийр ду моьттура суна", - боху Заирас. Да-нана – уьш хьан мостагIий бу бохуш, чудиллинера шена аьлла, билгалдоккхуш.

"Цул тIаьхьа 4 де даьллачу хенахь со чIогIа дохкояьллера. Сайн дена а, нанна а са хьийзара сан. Ас телефон туьйхира маме. Дерриг а дика ду, ша тIаьхьайогIур ю элира нанас. Со едда араелира цу центрера, суна тIаьхьа а баьхкина, со дIайигира", - дуьйцу йоIа.

Аэропортехь бакъонашларъярхой шена дуьхьалкхетча, ша психотропан молханаш мелла яра бохург а бакъ ца дина Заирас.

"Со кхераеллера, и дерриг а лайна йолу. Суна психологин тIеIаткъамбора цара..Со кхераеллера, цундела тентаг яьлла яра. Ткъа цара со молханаш мелла яра аьлла, тидина", - дIахьедо йоIа.

Малхбузенна оьшуш, цара дайтина хIума ду аьлла хилларг нохчийн телевизионехь. Стеган уггар а лазаме хIума – дийнна къоман сийна тохар дар ду аьлла, къаста а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG