ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а хIавахь боьха долчу гIаланашлахь ю Москва


Автотранспорто хIаваъ бехдечу гIаланийн тептарехь ю Оьрсийчоьнан Новосибирск, Красноярск, Омск гIаланаш. Рейтинг зорбане даьккхина Iалам Iалашдархойн Гринпис юкъаралло. Стохка Мангал-баттахь дIабуьйлабелла кху шеран Стигалкъекъа-батте кхаччалц зераш дина экологаша оьрсийн гIаланашкахь азотан диоксидца хIаваъ бехдарх.

Хьалхарчу могIарехь дIатаръелла Москва, цунна тIаьхьа ю Санкт-Петербург а, Челябинск а. 4-чу меттигехь билгалъяьккхина Новосибирск, пхоьалгIа Красноярск. 10-гIа ю аьлла, къастийна Омск гIала. Сибирера кхийолу гIаланаш рейтинге ца евлла.

Гринписа билгалдоккху, шайн организаци Ропотребнадзоре хIара терахьаш онлайнехь зорбане дахийта гIерта аьлла. Экологаш тешна бу, пачхьалкхехь хIаваъ бехдаран проблемаш оцу некъашца ерзалур яра аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG