ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчуьрчу кулинарийн ассоциацин декъашхо хаьржина нохчийн кхачанхо


Дуьненаюкъарчу исламан кулинарин ассоциацино а, Азербайджанан Пачхьалкхан туризмехула йолчу агенталло а, къаьмнийн кулинарин Ассоциацино а вовшахтоьхначу конгрессехь дакъалоцуш бу 25 пачхьалкхан векалш. Оьрсийчоьнан цIарах Кремлан хилла кхачанхо, Оьрсийчуьрчу къаьмнийн кулинарийн ассоциацин президент Беляев Виктор а, Къилбаседа Кавказерчу шеф-кхачанхойн гильдин президент Мовлатова Хадижат а ю цигахь.

"Муьлххачу а къоман култураца гергарло кхачан тIера долало. Коьртаниг ду – оцу конгрессехь хIоранна а аьтто хилар, шайн къоман кхача бовзийта. Нохчийн даарш кечдийр ду ас. Кху кепарчу барамашкахь дакъалацар Iаламат пайден ду, хIунда аьлча, дуккха а шерашкахь зеделларг долчу кхечаьргара Iема хьо", - аьлла, дийцина Мовлатовас "Чечня Сегодня" агенталле.

Билгалдаккха догIу, йоьдучу конгрессехь Мовлатова Хадижат дуьненчуьрчу 8 пачхьалкхашкарчу кулинарийн ассоциацин лараме декъашхо хаьржина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG