ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маьрша Европа" Радионо кхайкхамбина Донецкерчу сепаратисташка, журналист Асеев дIахеца аьлла


"Маьрша Европа" Радион медиакорпорацино (РСЕ/РС) кхайкхамбина Оьрсийчоьно гIо латточу сепаратисташка, 2017-чу шарахь дуьйнна Украинан Малхбалехь бертаза лаьцна латтош волу блогер Асеев Станислав маьршаваккха аьлла.

РСЕ/РС Радиона Васин Станислав аьллачу псевдонимца язъеш хилла Асеев вайна Украинерчу Донецкан кIоштахь 2017-чу шеран аьхка. Масех кIира даьллачул тIаьхьа дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино хаамбира, оцу регионехь контрол латточу сепаратисташа журналист лаьцна аьлла, шайга информаци кхачарх.

"Ша ваьхначу Донецкера схьа цо йина репортажаш бахьана долуш латтош ву Станислав арахьарчу дуьненца зIенах хадийна", - аьлла медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис кху беттан 17-чохь.

XS
SM
MD
LG