ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно дIавоьхучу нохчочунна тIехIоьттина Украинан Рада а, бусулбачийн Ассоциаци а


Оьрсийоьнан Талламан комитето лехамашка велла Илаев Амхьад дIа а ца лоцуш, кхечу кепехь цунна дозанаш тохар дехна Лакхарчу Радан депутато Линько Дмитрийс а, Украинерчу бусулбачийн Ассоциацино а. Бакъонашларъярхочо Кожушко Николайс бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

Информаци бакъйина бусулбачийн ассоциацин кхеташонан декъахочо Куртбединов Зеврис а. "Тхо кхеташ ду и стаг бехке цахиларх, цундела цунна тIехIиттина тхо", - аьлла Куртбединовс.

"Кавказ.Реалии" портало яздира шен агIонашкахь Илаев Украинерчу полицино дIалацарх Харьковн кIоштахь, амма тIаьхьа хаам хилира иза маьршаваьккхина аьлла. Прокуратура тIера ца йолу иза лаца бохуш.

Украинан миграцин урхалле мухIажиран статус ехнера Илаевс. Нохчийчуьра пхи вахархо вийна цо бохуш, бехкево иза Оьрсийчохь. Ткъа Илаевн адвокаташа чIагIонаш йо, дуьйцу зуламаш иза Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа хилла ду бохуш.

Шен кхо ваша дIа а вигина, полисхоша тIехь ницкъбина вийначул тIаьхьа Оьрсийчуьра ведда Илаев Амхьад шен жимахволу ваша а эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG