ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн цхьана жигархочунна йиттина СИЗО-хь, вукхара мацалла кхайкхийна


Социалан машанашкахь информаци яьржина, Нальчикерчу СИЗО-хь латточу гIалгIайн жигархочунна Мякиев Багаудина йиттина аьлла. Хаам тIечIагIбина адвокато Урусова Фатимас а. "Юьхь тIехь таммагIаш ду летта. ХIун бахьанашца хилла инцидент цкъачунна хууш дац тхуна, карарчу хенахь СИЗО-хь ву Багаудинан адвокат. Иза араваьллачул тIаьхьа кхачам боллу информаци хир ю", - аьлла Урусовас.

Мякиевца солидаралла гойтуш, бисинчу лецначу жигархоша а мацалла кхайкхийна изолятор чохь. ТIечIагIбазчу хаамашца, 26 сов стага протест йина.

Маршо Радионо яздира, Магасехь Зазадоккху-беттан 26-27-чу а деношкахь протесташ хиллачул тIаьхьа лецарш долорах ГIалгIачохь. Административан таIзар дира 100 сов меттигерчу вахархочунна, 30Г гергга протестийн жигархой бехкебина, чохь латтош бу БуритIехь а, Нальчикехь а.

Кху кIиранах лецира жигархо Саутиева Зарифа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG