ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара шен доьзал цIаберзош гIо дехна Кадыровга Ялтерчу яхархочо


Бакъонашларъярхо Саратова Хеда
Бакъонашларъярхо Саратова Хеда

Шемахь йолу шен 33 шо долу йоI а, цуьнан бераш а кIелхьардахар дехна Ялтерчу яхархочо Нохчийчоьнан урхалхочуьнга Кадыров Рамзане. Куьйгалхочуьнгахула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан декъахочуьнга Саратова Хедига кехат дахьийтина хилла йоьIан нанас. Цо дийцарехь, кхуьнан йоI Шматова Екатерина корта лазийна ю. Багхуз гIалара даIишхойх едда, шен берашца "Ал-Хол" куьпа дехьайолучу заманчохь чов йина цунна. Иза кхетамчуьра яьллачу хенахь тIепаза дайна цуьнан кхо бер.

"Коьрте лазар оьхуш, еххачу заманчохь меттахь Iуьллуш йолу Катя вочу хьолехь ю. Шен цIийндех тешна, кхечу пачхьалкхе дIаяхана хилла иза. Майра вийна цуьнан, бераш дайна. Нейрохирурган консультаци а, гIо а оьшу цунна. Цундела мехкан куьйгалхочуьнга Кадыровга орца доьхуш ю нана", - аьлла Саратовас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG