Туристаш тIеоза Iалашонца керла тIеман тур вовшахтоьхна Нохчийчохь. Туризман министраллана хетарехь, регионе лелачу туристашна интересе хир ю и проект.
"ТIеман туристийн тураш дIаяхьа Iаламат таронаш ю Нохчийчохь, хIунда аьлча, дуьненахь шех тераниг кхин ян а йоцуш, Дуьненаюкъара спецназан университет кхузахь хиларна", - аьлла "Чечня Сегодня" агенталле туризман министро Байтазиев Муслима.
Керла туризман кеп йовза луучарна лерина кхо вариант ю кечйина. Спецназан университетера дIайолалур ю иза, цигахь таро хир ю кеп-кепара герзаш детта а, керла "Чаборз" багги хахка а, аэротренажерах бIаьргтоха а. Экскурсин шолгIа де туристийн лаамца хир ду: йа Къоьзан IамтIехь, йа Устрада-гIалин чIожехь, йа Соьлжа-ГIалахула экскурси еш.