ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара кеманийн рейсаш юкъахъяха бакъо хир ю ФСБ-н


Дуьненаюкърачу пачхьалкхашка доьлхучу кеманийн рейсашца хийцамаш бан гIерта Оьрсийчоь. Къайлахчу сервисаша тIедилларца, нагахь "Оьрсийчоьнна кхерам хаалахь" дуьненаюкъара муьлхха а рейс юкъахъяккха тарло ФСБ-н билламашца. "Коммерсанто" яздо цунах лаьцна, шайн хьостанна тIе а тевжина.

Авиакомпани декхаре хир ю оцу хьелашкахь хIора рейсах а, кеман тIехь боьлхучу пассажирех а, дIахьочу мохьах а информаци дIаяла кема гIатта ах сахьт дисале хьалха. Экипаж маса стагах ю а, муьлхачу къомах уьш бу а, церан график а, цара хIаваэхь йоккхучу хенах а хаамаш бан безар бу. Къепе ца ларъяхь, компанина доьхкур ду кеманаш дIасалелийтар.

Оьрсийчоьнан транспортан министралло Iорадаьхна керла низамаш ФСБ-но юкъадаьхна ду аьлла, тешна ду газете хаамбинарш. Цкъачунна проект йийцаре еш ю, 2020-чу шарахь низамаш болхбан дуьйладала тарло.

Оьрсийчоьнан авиацехь а, транспортан министраллехь а дуьхьал хилира инициативех комментари йита.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG