ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Mash: шина бераца нохчийн зуда яйна Москвахь


Маре яха дуьхьалъяьлла 24 шо долу йоI яйна Москвахь шен 3- 5 шераш долчу шина бераца цхьана, чIагIдо Mash Telegram-канало. Шен бераш а кхобуш деца а, ненаца а Москвахь ехаш хилла иза. Масех де хьалха иза еха кхо стаг веана хилла церан цIа, амма жоп ца делла хилла царна. Иза йига гIертачу кIанта а, цуьнан накъосташа а телефонаш етташ, юкъаерзийна хилла иза.

Кху бетан 6-чохь Седин 57 шо долчу дена гучудаьлла иза а, цуьнан ши бер а къайлабовлар. Ресурсан хаамашца, йийцаре еш ю ши верси – йа лачкъийна иза, йа шен лаамехь цIераяьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iаьлвис коммментари йитина хIоьттинчу ситуацех: "Иза маре йига гIиртина нах бехке хилча, цара хаамбийр бара дега а, нене а, шаьш иза дIайигина аьлла. йоI шайн карахь хиларх хоуьйтур дар-кх, мухха делахь а. Уьш декхаре бу и дан. Нагахь цара къайлахьохь, боккха сингаттам боккху цара шайна".

Москварчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло дуьхьало йина инцидентах дийца, шайга официалехь хаттар даийта аьлла.

Бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дIахьедина "Кавказ.Реалии" портале шена цунах хууш хIуммаъ дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG