ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зязиков Хьасан лаьцна ГIалгIайчохь


Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьалбевллачаьрца митингехь лаьттина Зязиков Хьасан дIалаьцна ГIалгIайчохь, хаамбо "МБХ медиа" портало, адвокато Евгажуков Фатимас хаамбарца. Еарин суйьранна дIалаьцна иза Магасан кхелера Нальчике дIавигина.

Iедалан векална тIе куьйг даьхьна аьлла, 318-гIа артикл дуьхьалъяьккхина цунна а. Хьалхо Маршо Радионо хаамбира, протестийн декъашхо Саутиева Зарифа дIалацарх.

Магасехь Зазадоккху-беттан 26-27-чу а деношкахь протесташ хиллачул тIаьхьа лецарш долийна ГIалгIачохь. Административан таIзар дина 100 сов меттигерчу вахархочунна, 30Г гергга протестийн жигархой бехкебина, чохь латтош бу БуритIехь а, Нальчикехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG