ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федералан ши эскархо вийна аьлла, кхеле хIоттийна Нохчийчуьра вахархо


2000-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйгакIел йолчу тобанашлахь зуламаш лелийна ву аьлла, Оздиев Хьасанан гIуллакх теллинчул тIаьхьа кхеле дIахьажийна. "Кавказский узел" агенталло яздора, Нохчийчуьра вахархо Оздиев Хьасан бехкевина 2016-чу шарахь Ведана кIоштарчу Хорачахь 1999-чу шеран гурахь оьрсийн эскаршна тIелатар дина ву аьлла. ХIетахь вийра 12 эскархо, чевнаш йина висира шиъ.

Талламчийн версица, 1999-чу шеран ГIадужу-баттахь Ведана кIоштахь Бачигов Ризвана куьйгалла дечу группех дIакхеттера Оздиев. ХIетахь и оцу тобанаша Нохчийчохь Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла деш, зуламаш лелийна ницкъахошна а, маьршачу бахархошна а дуьхьал бохуш, чIагIдо талламчаша.

"2000-чу шеран аьхка Ведана кIоштарчу хьаннашкахь куп тоьхначу тобанахошлахь волчу Оздиевс а, цуьнан накъосташа а ши эскархо вийра, Ведана кIоштарчу тIеман комендатуран территори тIера лачкъийна дIавигина. 2009-чу шарахь карийра церан декъийн чалхаш",- аьлла бу Талламан комитетан сайтехь бина хаам.

Оздиев бехкево гIаттамхошлахь хиларна а, эскархошна тIелатарш дарна а. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело хоттур ду цуьнан дов. Бехкаш тIечIагIбахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхачайо Оздиевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG