ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СИЗО-хь латточу гIалгIайн жигархоша мацаллин протест юкъахъяьккхина


ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан декъахочунна Мякиев Багаудинна йиттина изолятор чохь аьлла, хезча цуьнца цхьана лецначу жигархоша шаьш кхайкхийна мацаллин протест юкъахъяьккхина, прокурорца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа аьлла, хааме даьккхина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу бакъонашларъярхоша.

Маршо Радионо яздира, адвокато Урусова Фатимас кху беттан 18-чохь хаамбарх, Нальчикехь лаьцна латточу Мякиев Багаудинна йиттина аьлла. Ишта Iорадаьккхира зорбанашкахь, оьгIазбахначу кхечу лецначара мацалла кхайкхийна аьлла.

Зазадоккху-беттан 26-чохь протестхоша дIаяхъйинера шаьш Магасан майданахь хIоттийна хилла акци Iедалхошкара пурба а доцуш. Оцу бахьанашца тасадаларш хилира митингхойн полисхошца. ТIаккха леца болийра ГIалгIайчуьра оппозиционераш.

"Кавказский узел" агенталлан зерашца, 96 жигархо таIзаре валийра, 29-нна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалло бакъонаш Iалашъян векал хIоттийна Таукенов Мустафа а, Юкъараллан тергамчийн комиссин векалш а цхьанакхийтира пIераскандийнахь СИЗО-хь волчу Мякиев Багаудица. Цо а, вукху лецначу жигархоша а тIедиллина, шаьш ГIалгIайчуьрчу СИЗО дехьадаха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG