ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Красноярскехь теракташ кхайкхийна кавказхо лаьцна къайлахчу сервисаша


2003-чу шарахь Минеральные Воды гIалара Ессентуки боьду цIерпошт эккхийтина, Красноярскехь нах гуллучу меттигашкахь теракташ де бохуш, кхайкхамаш бина стаг лаьцна Красноярскерчу къайлахчу сервисаша. Болчу хаамашца, Къилбаседа Кавказера ву лаьцнарг.

Масийтта шо хьалха гIаттамхойн тобанах дIакхетта хилла иза. 2002-чу шарахь диверсешна кечамбен курс чекхъяьккхина цо, герз тоха а, лоьлхуьйтурш лело а Iамош. Оццу шарахь гIаттамхошца цхьана "Минеральные Воды- Ессентуки" цIерпошт эккхийтина цо.

2000-чу шеран юьххьехь дIалецира иза. 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело колонехь даккха 12 шо хан тоьхнера цунна. Хан текхна ваьллачул тIаьхьа Красноярске юха а веана, зуламаш лело волавелла хилла. Социалан машанашкахь фейкан аккаунташ схьайоьллуш, цу агIонашкахь террорхойн организацеш бакъйеш, меттигера бахархой гуллучохь зуламаш дар хьоьхуш хилла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG