ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу 25 эзар стеган бакъо ю кхушара ХьаьжцIа ваха


Кху шарахь 25 эзар гергга Оьрсийчуьрчу бусулба стеган ХьаьжцIа ваха аьтто бу. СаIуда Iаьрбийчоьно кхи тIе а 5 эзар меттиг кхачийна царна. ПIераскандийнахь журналисташка бина цунах хаам Оьрсийчуьрчу бусулбачийн динан урхаллан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсо Аббясов Рушана. Цо билгалдаьккхина, квота совъяьккхина "динан дайша СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка дехар дарца" аьлла.

ХьаьжцIа боьлхучийн документаш вовшахтухучу туроператорийн зерашца, "йоллу квота дIаюзуш ю", - яздо ТАСС агенталло. ТIедогIучу кIиранах зиярте йоьду хьалхара тоба новкъайолуш ю.

Аббясовн информацица, уггар дукха зияртхой бевлла кхушара Къилбаседа Кавказан регионашкара. Дукха бахархой ХьаьжцIа оьхучу лидершлахь ю Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIезалойчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG