ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх бусулба набахтера маьршаваккха аьлла, тIедожийна "Мемориало"


Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-Тахрир" организаци бахьанехь кхел йина Челябинскан кIоштара а, ГIезалойчуьра а ялх бусулба маьршаваккха аьлла, кхайкхамбина бакъонашларъяран "Мемориал" центро.
Шайн сайтехь бина "Мемориало" и хаам. Бакъонашларъярхошна хетарехь, тутмакхашна хенаш тохар низамашкахь ца хилла. Исламан литература ешарна а, шайн гонашка нах ийзабарна а, вовшахтохараллаш дIадахьарна а бехкала боьхкина бу уьш. "Мемориалехь" берш тешна бу, церан лелар экстремизме ларар, доккхачу декъанна, Оьрсийчохь лела "Хизб ут-Тахриран" статус бахьана долуш ду.

Челябинск кIоштара виъ вахархочунна 6 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш тоьхнера. Уьш бу Хабиров Вадим а, Абдарахманов Денис а, Фаткуллин Руслан а, Халилов Рафис а.

ГIезалойчуьрчу Махмутов Булатна а, Садыков Тимурна а 15 а, 5 шераш тоьхна. Кху беттан 9-чохь "Мемориал" центро политикан тутмакхаш бу уьш аьла, дIакхайкхийна, ишта тIедожийна оццу тобанца уьйрашкахь хилла аьлла, бехкевина итт стаг маьршаваккхар а. Царна тIехь кхел Самарехь дIахьош ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG