ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьттах доьллинчуьра герз даьккхина


Хьалха-Мартанарчу кIоштахь лаьттах боьллина хаабелла тIеман гIирс хIаллакбина ницкъаллийн структурийн белхахоша аьлла, Iорадаьккхина республикан тIеман комендатурехь. Ярташна гергарчу хьаннашкахь хьулдина хилла герз аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденте комендатуран векало.

"Танкашна тухучу гранатометан гIирс а, куьйгакхусу Ф-1 гранаташ а, тротилан шашка а, лоьлхуьйтурш а, уьш кечбен гIирсаш а, авиабомабн детонатор а, кеп-кепарчу калибрийн патармаш а хилла лаьттах доьхкина", - дийцина комендатуран белхахочо, оцу меттигехь уьш ерриш а лелхийтина хилар билгалдоккхуш.

Росгвардин а, регионерчу ФБС-н белхахоша а юкъахь дIахьочу операцешкахь карийна хилла и къайле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG